Дайшк Наношка кхайкхам
Лараме дай-наной!
Iаламат мехала ду, ненан, бераца йолу юкъаметтигаш цIена хилар, къаьсттина иза жима долчу хенахь: цуьнах куьг тухуш «Бисмилла» доккхуш, ламаз керахь а долуш иза некхе хьош, КъурIанан аяташ цуьнан лерехь доьшуш... Иштта кхиош долу бер - иманехь а хир ду,вочухIонаха ларлурду.
Дай-наной! Берана чIогIа мехала ду шун куьг. Пайхамаран асхьабийн зударша шайн бераш Iамош хилла массо а дикачунна: цIена лела, ялтин хама бан, бепиган цуьрг охьа ца дожон, оцу тIе к...