Пайхамара ﷺ шен умматна доӀа дар а, велхар а: Имам Муслима шен «Сахьихь» жайнахь (202) далийначу хьадисехь ӀабдуллахӀ…
Пайхамара ﷺ шен умматна доӀа дар а, велхар а:
Имам Муслима шен «Сахьихь» жайнахь (202) далийначу хьадисехь ӀабдуллахӀ ибн Ӏамр ибн аль-Ӏаса дийцина: Пайхамара ﷺ ИбрахӀим а, Ӏийса а пайхамарех лаьцна аяташ дешначул тӀаьхьа, шен куьйгаш хьалаайина, вилхира, олуш: *«Йа АллахӀ! Сан уммат, сан уммат!».*
ТӀаккха Сийлахь-Везачу АллахӀа элира Жабраил-малике: *«Мухьаммаде гӀой, алахь (хьан Далла дика хууш ду-кх иза хӀунда воьлхуш ву): ”Оха хьан уммат бахьанехь реза вийр ву хьо, хьо гӀайгӀане а вуьтур вац Оха”».*