Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
ab.khava
ab.khava
Мама троих детей

Тоскую по первой любви, став мамой

Т1къа хьуна-м ца хаа, йа хуар дац хьо сай дахарехь ца хиларо латийна бода. Хьайга ас туьйсуш са яхана зама. Шо-шаре мел долу 1ийжа чов, доьлху дог. Жиммалехь дуьйна хьайга туьйсуш са, деган к1оргечу м1аьге лач1ийна сатийсам хьоьх лецна. Дахар дедда доьду, х1инца-м соа ю доьзалан нана, хьалх хилла бера дац. Делахь х1инца а дас шен йо1 хьостуш гича ца сец ло б1аьргара хиш.