Бала балхор кхаа кепара ду: хьарам, макрухI, хастаме
Хlораъ бусулб зудчуьнга
БАЛА БАЛХОР
Адамо шегахь болу бала кхечаьрга бийцар кхаа кепара ду:
1) Хьарам дерг ду, иза - масала, къа лато аьтто ца болуш, сахьийзаш лелаш, нахе шен бала балхош (жаловаться) лелар ду.
2) МакрухI (нежелательно) дерг ду, иза дуьненна белхашкахь цхьа вуон тIедеъча и дийцар ду, масала, цомгуш хилча дукха нахе шен бала балхор, я ша къен хилча шен бала балхор, я шен аьтто ца хилча дукха иза дийцар.
З) Хастаме (восхваляемый) дерг ду, иза Iеламстагана тIевахча шен бала хьахор ду цуьнга шена пайде хьехар дайтархьама, ян иштта цхьана Делах кхоьруш волчу (йолчу) шен дика накьосте шен бала хьахор, цуьнга шена дика хьехар дайтархьама.
Къастийна вайн зударш юкъехь чlогlа даьржина ду, шай гергара хийра мел волчуьнга шайн чохь мел дерг дийцар, Масала хlусамден лер, ян шен доьзал нахе бийцар, и санна дерг лелор инзаре хьарам ду, ше хlусамера амана дохор ду и. (Ямарт хилар). Хьан хlусам Дала хьуна елла амана ю, ахь и ларон езаш ю, цу хlусамехь йолу къайленаш гуча цайохуш.