
Шун оьш х1ума-м дацар х1ар буьйсан шийтта даьлчхен😹...
Мардейиш йеъна х1ара дохьш леран💕
Цхьа ах сахьт хир ду со х1окхунга хьоьжш,кьажа кьеж 1аш😹😹
Баш дукха х1ума ма ца оьши вайн (сун оьш ца хил ,ма дарра аьлча😹❤️)
Мел хаза ду х1ара,Ма ша Аллах1.
Цхьа гуттар лело ца хаьа сун чохь кхуьъш дол зазагш,амма чохь гича ч1ог1а самукъа дол🥰😍
Аихризон ду боху Интернето) "Безаман дитт" олу бах кхи ))) Г1аш дегнашех тер долш.
Ма дукха х1ума ду-кх Дуьненат1ехь, и дерриг х1ума,тайп-тайпана кхоьллна-кх Дала,наггахь иштта х1уман ойла йа йолалой, йелха дог дог1у сан...Сел лерана х1ара 1алам Кхоьллина Волу И Аллах1,ма Кьинхетаме Ву-кх И...Ма доккха х1ума ду-кх х1ара шадерриг (гуш дерг,гинарг,га дезш дерг) ойла йича хьерваллал.
Т1аккха ма ч1ог1а сагатдо-кх вай кху Дуьнена х1умшан,х1ара дерриг х1ума карахь дерг и Аллах1 вуй хуъшехь.Альхьамдулиллах1.
Ас иштта х1ар дешнаш йазъйича,со цхьа баккъал 1еламча йу моьттар дерг хир ву,йац шун со(
Цхьанне хиллий хар,муха хета шун?)
Он ещё чем то напоминает денежное дерево