
«Дош деза мотт»
Азаллехь сан сица боьзна хьо Дала,
Дош хаза, дош оьзда - сан нохчийн мотт,
Ирс ду-кха, йиш йолуш хьо сайн бу ала,
Дош ц1ена, дош деза - сан ненан мотт!
Сий ду-кха кху къомах хилар схьайаьлла,
Хьо бийца хаар а - дозалла сан!
Хьох лаьцна цхьа мерза мог1анаш аьлла,
Ирс ду-кха хилар йиш хьо хастабан!
Сатосуш Іуьйренца олхазарш дека,
БІаьстенан 1аламо синйовхо ло,
Нохчийчохь малх а ша башха лепа -
Дерриг ду хьох доьзна, сан нохчийн мотт!
2022
Гериева Жайна 🌺
#санбайташ