Молитва о силе в вере и защите от испытаний: обращение к Аллаху

post image

Я Аллах1, ларйе Ахь со сай къиношах долучу вонах, баккхийра бохамашах, кашан 1азапах.

Иштта а, ларйе Ахь, со йуьхь- 1аьржа хоттора йолу амалах. Доттаг1ах а, суна зе дохьура волу. Сатийсарах а, сан ойла Хьоьха т1ерайоккхара йолу.

Къен дахарах а, суна Хьо виццор волу.

Я Аллах1, иштта а, ларйе Ахь со бахамах а, со халлак йира болу.

Я Аллах1, Хьайн уггаре дикачу лайшан делларг ло суна. Я Аллах1, ларйе со къемат дийнахь Хьо соьх д1авоьрзар волу х1умнах.

Я Аллах1, бусулба йолуш йалар ло Ахь суна, иштта а, бусулба а йолуш ден а йе Ахь со.

Я Аллах1, Хьай къинхетам бе Ахь соьх, Хьай 1азапах лар а йе Ахь со.

Со дийна мел ю ларйе со, я Аллах1, Ахь хьай лайша ма ларбар. Со кхелханчул т1аьхь геч а де суна, Хьай къинхетам а бе соьх, я Аллах1!

Я Аллах1, суна йаха г1оле далахь, йахийта со, нагсан суна йалар г1оле далахь- садаккха са.

Я Аллах1, даджали фитан декъехь йоцаш садалар ло Ахь суна.

Д1аэцахь сан са, бакъдолу дин т1ехь, балдаш т1ехь шах1ада долуш. Ларйе со ислам дин т1ехь йоцаш д1акхалхарах, иштта а ларйе со кашан 1азапах, дуьнен г1айг1анах, баланах а.

Я Аллах1 дуьненахь а , эхартахь а дикнаг лохь суна. Хьо вовзар а, Хьо везар а лохь суна, кхерар а ло суна Хьайна хьалха.

Г1о де суна Хьо хьеха ван а, Хьан омрана т1ехьйаза а.

Ницкъа ло суна, Ахь 1аддита аьлларга, 1аддита.

Хьо реза хира волу амал ло суна, иштта а, 1илма а ло суна, Хьоьга со йерзора йолуш.

Хьанал долу дуьнен беркаташ ло суна, я Аллах1.

Хьо воцачунна кхечун 1ибадат дарех ларйе со, ницкъа а ло суна сан дахар Хьуна 1ибадатехь хилийта.

Я Аллах1, сан 1амалш къобал йе, сан дог ц1анде х1илланах, иштта а сан амал моттарг1ах а.

Ц1анбе сан мотт харцо йийцарех, сан б1аьргаш ямартлонах а.

Б1аьрган ямартло а, деган къайле а хуъш ву-кх Хьо, я Аллах1.

Я Аллах1, ас йоьха Хьоьга могшалла, иман, тешам, дика амал, нахац бертахь хилар, иштта а, реза хилар Ахь сайна яззинчунна.

Я Аллах1, ницкъа ло суна , Хьуна дукха дезаш дерга да, иштта а хьуна ца дезачух йуха йала а.

Я Аллах1, ло суна Хьуна долу кхачаме таваккуль а, Хьоьгахьа болу деган лаам а ло суна.

Аьтто бе сан Пайхмари صلى الله عليه وسلم суннат кхочуш деш.

Я Аллах1, Хьо ву сан Дела. Шен 1ибадат дан хьакъ волуш цхьаъа ваца-кх, Хьо бен. Ахьа кхоьллина со. Со хьан лай ю. Сайн ницкъ кхачаран барамехь, Хьан 1ах1данна а, ва1данна а т1ехь йу со(¹). Со ларло Хьоьца айса диначу вонах, Со къера йу Ахь сайна диначу ни1матна. Со къера йу сайн къиношна а. Ткъа Ахьа гечдехьа суна, бокъалла, къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кха.

¹Хьоьх тешар ю, Хьуни бен 1ибадат дийра дац.

63

Комментариев ещё никто не написал.