Молитва для мамы: просьба о здоровье, семье и защите детей

❗ ❗ ❗

<До1а де-мало ма е>

*АльхьамдулиЛлах1-АльхьамдулиЛлах1-АльхьамдулиЛлах1 Хастам букх хьуна Я Аллах1,ма къинхетаме вукх хьо,Я Аллах1 ас доьха хьоьга хьай къинхетамах ма даха ахь тхо,Я Аллах1 дуьне-эхарт декъал де ахь тха. Я Аллах1 са Дена-Нанна геч де ахь,суна геч де ахь,са йиш-вешина геч де ахь,массо бусулба адманна геч де ахь,Я Аллах1 хьо воцург кхи деха вацкх,хьо воцург кхи деххарг дала вацкх,бе ахь тхоьх хьай комаьрша болу хаза къинхетам. Я Аллах1 ас доьха хьоьга,массо дуьнена вочух лар е ахь со,массо дуьнена 1азапех гена якх ахь со,суна безачарна вониг т1е деана гатт ма е ахь со,суна вониг хилл халчу ма хитт бе ахь уьш,Я Аллах1 доьха ас хьоьга,Ийман ч1аг1 де ахь са,лелар хаз де ахь са,Я Аллах1 хьо воцург кхи деха вацкх,хьо воцург кхи деххарг дала вацкх,Я Аллах1 ахь хьайга деха аьллакх,со хьоьга доьхуш юкх,ахь до1ан жоп лур дацте бохуш сатуьйсуш,Я Аллах1 хьайга деха ца хаарна оьг1азло ма е ахь,ас лелош дерш бахьанш дукх,бахьанш лела де аьллакх ахь Я Аллах1,хьайга деха аьллакх ахь Я Аллах1-луш верг хьой ву аьллакх ахь Я Аллах1,со хьоьга доьхуш юкх, ло ахь са до1ан жоп. АльхьамдулиЛлах1 Хастам букх хьуна Я Аллах1,хьай къинхетамех ца йоккхуш х1окх хене схьа ялайкх ахь со, яа-мала- йовхниг-чохь 1а чоь,Я Аллах1 АльхьамдулиЛлах1 доцарг кхи х1у ала деза те,массо тайпа ахь са аьтто беш хилча.Я Аллах1 соьл хало хьоьгуш ма дукх адам дукх,Я Аллах1 доьха ас хьоьга,массо бусулба адми аьтто бе ахь,хьай къинхетамех ма дакх ахь бусулба адам,Я Аллах1 Палестинехь болчу бусулбаншна г1о де ахь,Я Аллах1 ахь зуьш дукх тхо,Я Аллах1 хьа карахь дукх ша дерриг,мел халчу хиттарх,и ша дерриг хьа пурбанца хуьлуш дуй дага деъча,Я Аллах1 дог парг1ате долкх. Я Аллах1 хьуна дик хаьа,Я Аллах1 ахь делл хьекъал бен тхоьгахь кхи хьекъал дацкх,ахь дел эсс бен,тхоьгахь кхи эсс дацкх,Я Аллах1 кхетам ло ахь тхуна,бусулба адманна пайдехьа дерг даржо ницкъ ло ахь тхуна,Я Аллах1 ма къинхетаме вукх хьо,хастам бо ас хьуна. Я Аллах1 ийман-ислам долш доьзал ло ахь суна,уьш Ийманчохь хьала кхи,кхетам ло ахь сун,Я Аллах1 цкъа сай доьзалца ма зе ахь со,гатт ма е ахь со,массо хенахь церах яккхай е ахь со,массо бусулба адманна пайдехьа бе ахь уьш,Я Аллах1 ахь динчунна реза юкх со,АльхьамдулиЛлах1. Я Аллах1 массо адманна беркате е ахь со,пайдехьа е ахь со,Я Аллах1 цкъа со бахьана долш адам халчу ма дакх ахь,Я Аллах1 наха суна дина зе бахьана долш,цкъа со гатт ма е ахь. АльхьамдулиЛлах1 Я Аллах1,юх шара х1окх хене кхачале,Ийман долч т1е ч1ог1а ч1аг1 де ахь са,Я Аллах1 ас доьха хьоьга,ас мел дийриг хьай доьхьа де ахь,Я Аллах1 хьо воцург кхи деха вацкх,хьо воцург кхи деххарг дала вацкх ло ахь са до1ан жоп. Аллах1а ялсаманца бекхам бойла х1оранна.🌙🌘*

92

Комментариев ещё никто не написал.