Стихотворение о материнской любви и прощении на чеченском языке

Хьо суна ирс дохьуш веъна ца хилла,

Со ирсе ечух ца хилла хьан х1илла.

Сан безам хьан даге кхаьчна ца хилла,

Цундела йоллу со хьоьха дог дилла.

Хьо везаш лезна дог дитина 1илла,

Ца хилча санна хьо вицван ницкъ хилла,

Дависа сан деган делара х1илла,

Ца езарх, йиш яц сан хьуна бехкбилла.

Хьо везаш кхиийна сан ойла 1уьллу,

Цунах къахетташехь хьоьха дог дуьллу,

Ца езарх, йиш яц сан хьуна бехкбилла,

Сан безам хьан даге кхаьчна ца хилла.

3

Комментариев ещё никто не написал.