Лайлатул-Къадр: когда и как провести ночь предопределения?

post image

*Лайлатул-къадр буьйсанан дозалла а, иза маца ларъян еза а*

● Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (ﷺ) элира аьлла: «Лайлатул-къадр» буьйса бакъ хиларх теша а тешаш, шена ме‌л хиларга дог а дохуш, цу буьйсанна Iибадат динчунна[1] гечдийр ду цуьнан хьалха хилла долчу къиношна».[2] Буха‌рийс, Муслима дийцина иза шина «Сахьихь» жайни тIехь.

● Iумаран кIанта Iабдулла‌хIа дийцина (Дела реза хуьлда цаьршинна), Пайхамаран (ﷺ) асхьабех цхьаболчарна гIенах «лайлатул-къадр» буьйса гина хиллера аьлла, (рамада‌н беттан) тIаьххьарчу ворхI дийнахь. ТIаккха Делан Элчано (ﷺ) аьлла хилла цаьрга: «Шуна массарна иза гIенах гар тIаьххьарчу ворхI дийнахь нисделла хилар го суна. Цундела, и ларйан луучо тIаьххьарчу ворхI дийнахь ларйойла иза». Буха‌рий, Муслим.

● Абу СаIид ал-Худрийс дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Рамадан беттан юккъера итт дийнахь иIтика‌ф деш дара тхо Пайхамарца (ﷺ). ТкъолгIа Iуьйранна цо тхуна хьехам бира, цо элира цу юкъахь: «Лайлатул-къадр» буьйса маца ю гайтинера суна, цул тIаьхьа йицйалийтина суна иза. Ткъа аш иза ларйе тIаьххьарчу итт дийнахь, шалза деношкахь». Буха‌рий, Муслим.

● Iа‌ишата дийцина (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: «Лайлатул-къадр» буьйса ларйе аш рамада‌н беттан тIаьххьарчу итт дийнахь, шалза деношкахь». Бухарий, Муслим.

● Со‌митан кIанта Iуба‌дата дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Пайхамар (ﷺ) аравелира, «лайлатул-къадр» буьйсанах лаьцна дерг тхуна довзийта. ТIаккха цигахь къийсалуш цхьа ши бусалба стаг вара. ТIаккха цо элира: «Лайлатул-къадрах» лаьцна дерг шуна довзийта араваьллера со, тIаккха хьенех а, минех а къовсавелира, цунделира иза дIаайира. Шуна дика хила а мега иза. Цундела аш ларйойла иза иссолгIа а, ворхIолгIа а, пхоьалгIа а буьйсанашкахь». Бухарийс дийцина иза. «ИссолгIа» бохург – бутт чекхбала исс буьйса юьссучу хенахь бохург ду. Изза ду ворхIолгIа бохург а, пхоьалгIа бохург а, хIунда аьлча иза иштта хилар билгалдина ду Ибн Iабба‌са дийцинчу хьадисехь.[3] Ткъа и хьадис а Бухарийс дийцина ду.

-----------

[1] «И буьйса Iибадат деш яьккхинчунна» аьлла маьIна дина а ду цуьнан Iеламнаха. ТIаккха, Iеламнаха аьлла: цу буьйсанна Iибадат дарх уггар кIеззиг дерг пхьуьйра ламаз жамаIатца дар а, Iуьйра ламаз жамаIатца дар а ду. Иза уггар кIеззиг дерг ду, хIетте а, хьадисан доьххьала дIа долчу маьIно гойтург цу буьйсанна шортта Iибадат дар ду, дуккха ламазаш дарца, Къуръан дешарца, Дела хьахорца.

[2] ХIара санна долчу хьадисашкахь «къиношна гечдийр ду» бохучух лууш дерг дукхах болчу Iеламнаха «кегийчу къиношна гечдийр ду» бохург ду аьлла, хIунда аьлча цхьадолчу кхечу хьадисашкахь «даккхий къинош доцург» аьлла деана ду. Цундела, хIара санна йолу Iамалш дерриге кегийчу къиношна гечден бахьана хуьлу. Амма даккхий къинош – царна тоба дан деза, уьш тоба дарца гечдо. Ткъа дика хуург АллахI ву.

[3] «Лайлатул-къадр» буьйса билгалйаран хьокъехь даьхкина тайп-тайпана а долуш дуккха нийса хьадисаш ду. Цхьадолчу хьадисашкахь иза билгаляьккхина ала тарлуш ду, масала ткъа марха дIадаьлча йолалуш йолу 21 буьйса, йа ткъе ворхIолгIа буьйса. Вукха хьадисашкахь иза рамада‌н беттан тIаьххьарчу итт дийнахь ю аьлла ду, кхин билгалдина терахь доцуш. Кхечу хьадисашкахь иза тIаьххьарчу итт буьйсанан шалза буьйсанашкахь ю аьлла ду, цу буьйсанашкахь иза хуьлуш хилар чIогIа а ду.

ХIокху хьадисехь бутт чекхбала исс буьйса йиссича, йа ворхI йа пхи буьйса йиссича ларйе аьлла ду. Хууш ма-хиллара, бутт 29 де хила а тарло, 30 хила а тарло, цундела, доьххьара дуьйна схьадогIучу терахье хьаьжча хийцайала йиш ю иза. Цундела аьлла цхьаболчу Iеламнаха, тIаьххьарчу итт буьйсана юкъахь хийцалуш хуьлу иза, цкъа цхьаъ хуьлу, тIаккха цхьа кхин хуьлу, тIаккха цхьа важа хуьлу; шалза буьйсанаш шалха буьйсанел герга а йолуш и хиларна. Цундела, хIокху хьадисел тIаьхьа догIучу хьадисашкахь ма-дарра, мархин беттан тIаьхьарчу итт дийнахь-буса Iибадат дар совдаккхар а, кхечу хенахьчул алсам къахьегар а дика лоруш ду, хIунда аьлча и еза буьйса муьлхха буьйсанна нисйала тарлуш йолу дела.

44

Комментариев ещё никто не написал.