
🌴Мархийн баттахь лайлатул-къадр буьйса ларъе Iибадат дарца, цу буса Iибадат дар нислахь, 83 шарахь, 4 баттахь Iибадат динчул сов ял хир ю хьуна, цуьнан тоьшалла:
АллахIа боху Шен сийлахьчу Къуръанчохь: «Баккъал а, Оха Къуръан доссийна лайлатул-къадр буса. Ткъа «лайлатул-къадр буьйса» бохург хIун ду хаьий хьуна? Лайлатул-къадр буьйса гIоли ма ю эзар баттал а. Оцу буса, шайн Делан пурбанца, охьадуьссу маликаш а, Жабраил а, Цуьнан омранаш а дохьуш. Маршо ю-кх иза сатассалц».
- Эзар баттал гIоли ю цхьа лайлатул-къадр буьйса боху АллахIа, ткъа эзар бутт шерашца лаьрча 83 шо, 4 бутт нисло. Оццул еза буьйса шена чохь ярца АллахIа базбина и мархийн бутт.
🔸Лайлатул-къадр буьйсанна ахь дина ламаз 83 шарахь, 4 баттахь динчу ламазел деза лоруш ду!
🔸Лайлатул-къадр буьйсанна ахь дешна Къуръан 83 шарахь, 4 баттахь ахь Къуръан дешарал деза лоруш ду!
🔸Лайлатул-къадр буьйсанна ахь муьлхха кепара Дела хьехор 83 шарахь, 4 баттахь ахь Дела хьехорал деза лоруш ду!
🔸Лайлатул-къадр буьйсанна ахь сагIина елла хIума 83 шарахь, 4 баттахь ахь сагIанаш дахарал деза лоруш ду!
🔸Лайлатул-къадр буьйсанна ахь хьайн дений-нанний дина хазахетар 83 шарахь, 4 баттахь цушинна ахь динчу хазахетарел деза лоруш ду!
🔸Лайлатул-къадр буьйсанна хьайн дений-нанний хьо муьтIахь хилар 83 шарахь, 4 баттахь хьо цушинна муьтIахь хиларал деза лоруш ду!
Цундела жим-жимма бен ца дахь а, шен ницкъ мел кхочу массо кепара Iибадат дан хьажа веза къаьсттина мархийн бетта тIаьххьарчу итт буьйсанна чохь.
Даггара цу лайлатул-къадр буьйсане кхача лууш волчунна цхьа а хала хIума дац иза. Цхьа чIогIа вайна дезаш, чIогIа оьшуш долу дуьненан хIума дукха лерина лара ма дой вай, цунах вай довларна кхоьруш, хьалхе дуьйна цунна кечам а беш. Иштта доггаха лелаш волчунна цхьа а хала хIума дац шара чохь богIуш болу цхьа мархийн бутт буьйсанаш денъеш баккха!
Мархийн баттахь билггал муьлхарг ю лайлатул-къадр буьйса вайна ца довзийтаран хьикмат ду цу баттахь Iибадат дарехь алсам вайга къахьегийтархьама. Иза муьлхарг ю хууш хилча, нисса оцу цхьана буса Iибадат дарехь алсам къа а хьегна, кхидIа мало йийр яра Iибадатна. Ткъа билггал муьлхарг ю хууш цахиларна, берриге баттахь къахьоьгу lибадатехь, царах муьлхха а хила тарлуш долундела, амма тIаьххьара итт дийнахь кхин алсам къахьоьгу, цу итт дийнахь хилар кхин а герга долундела.
- Ткъа лайлатул-къадр буьйсанна дитташ охьадуьйшу, хиш дукъало, сема волчунна наб кхета бохуш, цу тайпа долу къамелаш дерриге шайн цхьа а бух боцуш къамелаш ду.
- Лайлатул-къадр буьйса маьркIаж-хенахь дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалца лаьтташ ю, вайна юкъахь дуьйцуш даьржина ма-хиллара сихха дIайолуш яц.


