Аллах1умма Роббана áтина фиддунья хьасанатан Ва филь áхироти хьасанатан ва къина 1азабаннар. Хастам букх Хьуна, йа Аллах1, ахь мел динчу диканашна Хастам букх хьуна кхачо йоцуш. Йа Робби, йа Аллах1 Хьан Возалли, Сийлалли,Комаьршалли доьхь доьху ас хьоьга Сан къиношна геч дехьа, сан диканаш алсам дахахьа Хьо везарехь, Хьоьх кхерарехь,Хьуна 1амал ярехь сов йаккхахьа со Иман лохьа, иманца собар лохьа Тешнабехках, ямартлонах, юьхь1аьржонах, х1уьттаренан, гамонах, хьаг1ах, уьнах,зиэнах,зулмах, джинни х1ух, шайт1ан балех, даккхийчу лазарах лар дехьа йа Аллах1, со а, сан доьзал а, х1усамда, йижарий, вежарий, дехой,ненахой, марзахой, со езарш а,суна безарш а, массо муъмин нах а. Воьдучунна некъ дика бехьа 1аш волчуьна 1адика ехьа Цомгушчунна маршалла дехьа Малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц Хьо цхьаъ веш, хьан Элча бакъ веш хилла болчу,Хьайна доьхьал баьхкинчарна а, царна т1аьхьа т1е дог1ар долчу тхуна а геч дехьа. Йа Робб, вовший дезар лохьа, вовшех дашар лохьа,дог ойла ц1ан ехьа, ч1аг1 ехьа Хьан нийсачу новкъа т1ехь нисдехьа Нийса боцчу некъах д1а хер дехьа Йа ар-Раззакъ, рицкъ луш Верг, доьху Хьоьга Хьанал рицкъ даккхар атта дехьа, хьарамдолчух лардехьа Бусалба нахан пайдехь ехьа со. Хьо вицвеш дика а, вуо а ма лохьа Йа Аллах1. Йа Робб, ас доьху Хьоьга Сан 1есалле ца хьожуш, г1ийлалле хьажий Хьан г1ийла миска лай юкх со,хьан г1ийла буо дукх со, ас доьху Хьоьга Доьзалца а, сайна безачаьрца а ма зиехьа со. Сайн доьзали а, сайна безачеран а вуо ма гайтахьа суна йа Аллах1 Йа Робб Хьоьга кхойкхуш, до1анаш деш доьхуш болчу Хьан г1ийла лайшна, цара доьхург лохьа Доьзалхочуьнга са тессан болчу наношка кхаъ баккхахьа йа Робб Лазаро лаьцна болчу дархошна г1оле ехьа йа Робб Набахтехь болу сан бусалба йижарий, вежарий цу балех хьалха бахахь йа Робб Зуламхошна бекхам бехьа Церан дагчу кхерам тассахьа Хьо вуйла хаийтахьа Хьайн 1азаб доссадехьа царна т1е йа Робб Окх Рамадан езчу буьйсанашкахь хьайга кхойкхуш болчу Хьан лайша доьхург лохьа йа Робб Ницкъ болуш вукх хьо йа Аллах1 Къинхетаме ву кх хьо, йа Ар-Рохьман, йа Ар-Рохьийм Хьайн къинхетам боссабехьа тхуна т1е Суна деха ца хаарх, дала хууш вукх хьо Йа Робб Сан до1ийна жоп лохьа Хьайн къинхетамах ма дахахьа тхо. Иманехь са далар лохьа Эхарт декъал дехьа. Кхачо йоцуш хастам букх Хьуна Альхьамду-Лиллях1и Роббиль 1аламийн. Йа мукъоллибаль къулюби, саббит къольби 1аля диник. Х1ай дегнаш хуьйцуш верг Сан дог Хьайн дин т1ехь ч1аг1 дехьа. Ля илях1а илла анта Субхьанака инни кунту миназ-золимийн. Аллах1умма амин.
Ас сан хал х1ар мархнш кхобш цхьа вуй те🥲 Динахь 5,6 раз 1ет йо со цхьа мож хум хьа туьсиш Саралц шин берц ю со суьрин яъ хум йа ез юх д1а йакх ез🥹🥹🥹 Просто хотела ныть 😂
Йо1ри Ламаз селхн дис дезш дар са 10 февраль ас тест йилин 14 февраль цхьаъ йилин Хиц цхьа красный выдилени хиллер сун Почти 10 дней хуьл месч хил ас и тест йилинч хен цо 2 полоск гайтин месчн хил долш хен гойт аларкх и обычно оцул хьалх гойтр яри те цо и месчный хил долш гойтш хилч!?????🙄🙄🙄
Йа Робби,ма сагатло са цу син парг|атон🤍 Ма са карзах дола са са цун сагатло сина🤍🥺 Цигахь хилчунна хуар дукх и🥺 Йа Аллах|,доьха-кх ас хьоьга юхаъ цига кхача пурба ло ахь🤍🤲🏻