Рамадан: 4 важных дела, которые приносят пользу верующим

بسم الله الرحمن الرحيم

Дуьххьаралерачу буса дуьйна, Рамадан бутт чекх баллалц, хьадийсехь деана диъ хlума дага даийтаро пайда бохьур бу вайна ин ша Аллахl!

Аллахlан Элчано ﷺ аьлла:

"Рамадан бетта хьалхара буьйса тlе еача,

1 - Шайтlанаш дlа доьхку (гlоьмаш а буржулаш а тохе), жинийн тхьамданаш а дlа боьхка (гlоьмаш а буржулш а тохе).

2 - Жоьжахате неlарш дlа къовлу, ялсаманен неlарш схьа йоьллу, цхьа а неl къоьвлина ца хуьлуьтуш.

3 - (Аллахlана гергара) кхайкхар хюла: " Хlай диканаш даре безам берш, тlедерза (диканаш дарна), хlай вониг даре безам берш духа довла (шайн вочу балхех)".

4 - Аллахlа Шен лайш жоьжахатех кlелхьара бахар хlора буьйсанна а хир долуш ду".

(Тирмизий Ибну мажlахl, бух тlера)

Кхечу хьадийсехь и кхайкхар хlора буса хир долуш ду аьлла ду Рамадан-бутт чекх баллалц,, цундела вайна гокха дукха адам туо а лой нислой дlа хlутта дика мелдерг дан гlерташ, хlунда аьлча Аллахlа Ша къинхетам биначунна хозуьйта и кхайкхар, адамана шена и хаацалахь а.

Аллахlа кху батта чохь Ша жоьжахатех хьалха битанчу а, Шен кхайкхаман жоп деллачу а, Шен дикачу лаьшха дойла-кх вай!

Комментариев ещё никто не написал.