Йа АллахI, хастам бу Хьуна, хастам, Ахь тхо Рамадан батте дахарна. Хьо реза Волчу кепара и бутт д1абахьа пурб ло-хьа тхуна: дегнаш хьуна эсала хуьлуш, меженаш хьуна муьт1ахь хуьлуш, Хьан дуьхьа йуург а, молург а, шах1ват а дуьтуш. Хьарамчух б1аьрг лар ба Тавфикъ ло Ахь, йа АллахI, хьарамчух куьг ларде Ахь, хьарамчиге ког баккхарх ларде Ахь тхо, йа АллахI. Баккъалла а дикчу аг1ор хийц далар ло Ахь тхуна беркате Рамадан баттахь.