Можно ли не поститься и не молиться в тяжёлые дни? Ответы мам

ЛАМАЗ ДАН А, МАРХА А КХАБА ЙИШ ЙОЦУ ДЕНОШКАХЬ ДЕН ӀИБАДАТАШ.

● Хаттар: Зудчо мархийн баттахь ламаз дан а, марха кхаба а аьтто боцу деношкахь муьлха Ӏибадат дан деза дийца.

● Жоп: Ламаз, марха доцург кхидӀа мел долу Ӏибадат дийр ду, Къуръан дешар, Дела хьехор, кхидӀа мел дерг мегаш ма ду цунна. Ткъа оцу ламазах, марханах цунна ял хуьлуш ю, хӀора дийнахь цо уьш кхочушдеш санна, нагахь и денош тӀедахкале цо уьш лардеш хиллехь, буса сахиллалц тахӀажжудаш цо деш хиллехь, и денош бахьана долуш юкъараяьлла, хӀора буса ша хӀинццалц деш ма-хиллара тахӀажжудаш деш санна ял хуьлуш ю цунна, хӀора суннат-ламаз лардеш цо хиллехь, и денош тӀедаьхкича оцу хӀора суннат-ламазах ял хуьлуш ю цунна, цо дина санна. Амма ишттачу хьолехь дисина марханаш тӀекхаба деза.

64

Комментарии

Radima Lariskina·Мама двоих (младенец)

Спасибо за напоминание🥰

Нравится Ответить