Тахӏаджуд ламаз дар деза дуйла хаьа вайна, цуьнан йал йоккха йуй а хаьа, амма иза дешберш кӏеззиг хӏунда бу? Дера бу тахӏаджуд ламаз буьйсана набарха сама а ваьлла дан дезаш долу дела. Набарха сама а ваьлла ӏуьйра ламазна гӏатта а хала долу, ӏуьйра ламазан хан хилале муха гӏатталур ву тахӏаджуд ламазна?! Мила гӏатталур ву?! Дера гӏатталур ву доггаха иза дан лиънарг. Даггара иза дан гӏоьртинаг. Даггара Аллахӏ везнарг. Аса ца боху тахӏаджуд ламазна гӏоттуш воцучунна Аллахӏ даггара ца веза. Веза дера, делахь а, тахӏаджуд ламаз дечунна кхин а чӏогӏа веза-кх Веза-Сийлахь Аллахӏ. *Дала тахӏаджуд ламаз тӏехь чӏагӏ дойла-кх вай.*
Напоминание прежде всего СЕБЕ, а потом и вам💙



Амин йа Аллах1