Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Мили

Как справиться с гневом на жену? Советы из Корана и Сунны

ЗУДАРИЙ А, БОЗБУУНЧАШ А


Хьекъал дерг ша а генавер ву харцо яржош болчарех, ткъа зударшна юкъахь хуьлу Дала яздинчунна реза йоцуш, собар дайна, сиха оьгIаза йоьдуш ерг а, иза (яздинарг) шен лаамца догIуш ца хилч. ТIаккха йолало иза шен лаам кхочушбан, Дела оьгIазавохуьйтуш иза белахь а, бозбуунчана тIейоьду иза..


Имам аль-КъуртIубийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Нахах дукха хьолахь и бозбуунчалла лелош, леладойтуш берш а зударий бу, къаьсттина шаьш цIано йоьхна болчу хенахь». [Ал-джáмиI лиахькáмил-Къуръáн, 2/35]


Жоьжахатийн цIе дукха хьолахь зударех латор йолуш а ю. Пайхамара (саллаллахӀу lаллейхlи ва саллям) аьлла: «Дала суна жоьжахати гайтира цу чохь дукхахберш зударий а бара». [Бухарий, Муслим]


ТIаккха зударшна тIехь дерг АллахIах кхерар ду, Цунах кхераро декъалалла а, паргIато а хуьлуйту, Дала боху: «АллахIах кхоьруш волчунна, (Дала) паргIато а ло, цунна дагахь доцучу агIора рицкъ а ло». [Ат-ТIалакъ, аят: 2-3]