Стихи о материнской любви и боли: пронзительные строки о маме

Ден, Ненан дегнаш зуьйш, дахарехь Дала,

Цхьаболчу доьзална, башха бер делла.

Дег1ера мерза са дерриг д1адаллал,

Кийрарчу сих хьарчош, доьналла делла!

Синтемах каетташ, хьовзийча б1арза,

Са тухуш, доьналлех Нана ца йаьлла.

Шек йоцуш, йу иза кхолламна реза,

Еха и дуьненан зовкхаш дицделла.

Х1ун дийр ду, бер кхуллуш йаздина хилча,

Цамгаро заь1апа амал кховдийча,

Иштта кхаъ кхоллам кховдийна хилча,

Цу беран некъана хьаькхна сиз хилча.

Лазаман йозалла белшаш т1е йилла.

И лазам беллачо Нанна ницкъ белла.

Безамах дуьзна дог, кийрахь ду ненан.

Кхоччуш къа хета, шен башхачу берах.

Цу беран г1айг1анна, дог лозуш денна,

Дуьненна къинт1ера яьлла йу, Нана.

Дуьненан къовсамехь ц1ергара даккха,

Шен беран б1аьрг белош, самукъа даккха,

Ирсе деш, заь1ап бер г1айг1анех даккха.

Нур дашо можа малх лур бара, Нанас!❤️‍🩹

51

Комментарии

Zuli·Мама четверых детей

🥺🥺🥺🥺🫂🫂

Нравится Ответить

😢😢😢😢

Нравится Ответить