Сайн дега сайха барт ца хаттийта! 💔💔💔
أوجعني قول أحد الصالحين :
"لباس المرأة العاري دليل على غضب الله عليها لأن آدم وحواء عندما غضب الله عليهم نزع عنهما لباسهما وأرهما سوءاتهما."
وتقول إحدى الفتيات :
"عندما أرى فتاة تبرجت وبالغت في العُري أنظر لوالديها وأتذكر قوله تعالى :
﴿وقِفوهم إنهم مسؤولون﴾ فأزيد حياء وحشمة من أجل ألا يسال ابي !"
"معظم ما حرم الله في الدنيا أباحه في الجنة
كالخمر .. إلا ( العري ) فإن الله حرمه في الدارين بل إن من النعيم زيادة التستر
﴿إن لك ألا تجوع فيها ولا تعرى﴾
من أجمل ما قرأت عن الحشمة. "
Цхьана дикачу стеган дешнаша Iовжийра со:
Зудчуьнан йерзина йалар - АллахIан оьгIазлонан билгало йу, хIунда аьлча АллахIа Ша Адамна а, Хьавана а оьгIаза ваханчу хенахь, цу шинна тIера духар дIа а даьккхина, ишиъ вовшашна дерзина гайтира.
Цхьана йоIа элира:
ТIех чIогIа шен хазалла гучу а йоккхуш, йерзина йаьлла йолу зуда сайна йайча, цуьнан дега-ненега а хьожий, АллахIан къамел дага догIу суна: "Совца бе уьш, баккъала а цаьрга барт хоттур болуш бу" (٣٧:٢٤), тIаккха оцу мIаьргонехь кхин а чIогIа эхь хета суна, кхин а чIогIа къовла а ло со, сайн дега сайха барт ца хаттийта!
Дуьненахь дукхаха долу Ша хьарам дина долу хIуманаш Ялсаманехь магийна ду АллахIа, масала, къаьркъа...
Амма верзина валар АллахIа дуьненчохь а, эхартахь а хьарам дина.
Цулла сов, Ялсаманен ниIматех цхьа ниIмат ду духарш шортта хилар: "Баккъала а, хьуна цу чохь мацалла а хир йац, верзина (Iора) валар а хир дац" (٢٠:١١٨)
Уггаре а хаза дешнаш ду-кха хIорш оьздангаллех лаьцна аса дешна долу.