
Миллион дезий хьуна?
Къемат дийнахь дас, нанас бере эра ду:
— шаьш кхиавинера хьо халанош ловш, вижар, садаӏар доцуш, тахана хьан дикнашка чӏогӏа хьаште ду тхо, айхь дина диканашна йукъара цхьа дика лура дацар ахь?
Уггар шен хьоме долу да а, нана а, диц дийра ду цо, и де ду иза Дала аятехь шен хьокъехь аьлла долу: «Стаг шен вешех водар ву цу дийнахь, иштта ненах а, дех а.»
Хӏинца миллион тӏе йуха догlу вай, хьадисехь Iумар ибн ХоттIаба дийцана Пайхмара ﷺ элира аьлла: милла велахь а базарахь [йа йоккха туьканахь] аьлларг [хӏара дешнаш]:
лá илáхIа иллалЛóхI, вахьадахIу лá шарúка лахI, лахIуль мульку ва лахIуль хьамду , йухьйú ва йумúту ва хIува хьаййун лá йамýту, бийадихIиль хойру, ва хIува Iалá кулли шайъин къодúр -
тIаккха АллахIа йаздо оцунна эзар эзар [миллион] дика , дIадоккху цуна тIера эзар эзар [миллион] къа, лакха доккху цунна эзар эзар [миллион] даржа.