537-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Ламаз диначул тlаьхьа, ламазан куз дlа ца биллича хlумма дуй? Шайтlано ламаз до олуш хезна суна и дlа ца биллича.
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Гlуллакх ма дара вай куз охьатесча цо ламаз дийриг хилча-м, амма кхерам бац хьуна кху дерриг дуьнен тlехь ахь кузанаш дlадаржийча а цо ламаз дарна, шен ницкъ мел кхочу и ламаз дечуьнга а ца дайта къа-м хьоьгур ду цо, вай кузанаш охьатесча цо ламаз дийриг хилча вай туьйсур ма дара! Цхьа сужуд шега де аьлча, и ца деш дуьхьаладаьлла, Делах даьллачу шайтlано ахь куз охьатеснера аьлла ламаз муха до, хlора ракаlатехь цхьа рукуl, ши сужуд дан дезаш долу?!
😂😂😂
Къоран д1акъовл и шайт1но доьшар ду олш хеззи хьун)
Сун ца хаа нах и хумш мух придумать до