506-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум.
Жинийн лазар долу адамо дина долу къинош дӀаяздеш дуй?
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
ДӀаяздеш ду дера-кх! Жин чу даьллера аьлла, цу жино нуьцкъалха цхьа а хӀума дац цуьнга дойтуш, жин чу даьлларг, ца даьлларг цхьабосса ву цу хьокъехь, вай дукха тӀех хьизадо-кх и пекъар, массо хӀуманна тӀехь бехке деш.
😂😂😂
537-гӀа Хаттар: Ассаламу lалайкум.
Ламаз диначул тlаьхьа, ламазан куз дlа ца биллича хlумма дуй? Шайтlано ламаз до олуш хезна суна и дlа ца биллича.
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Гlуллакх ма дара вай куз охьатесча цо ламаз дийриг хилча-м, амма кхерам бац хьуна кху дерриг дуьнен тlехь ахь кузанаш дlадаржийча а цо ламаз дарна, шен ницкъ мел кхочу и ламаз дечуьнга а ца дайта къа-м хьоьгур ду цо, вай кузанаш охьатесча цо ламаз дийриг хилча вай туьйсур ма дара! Цхьа сужуд шега де аьлча, и ца деш дуьхьаладаьлла, Делах даьллачу шайтlано ахь куз охьатеснера аьлла ламаз муха до, хlора ракаlатехь цхьа рукуl, ши сужуд дан дезаш долу?!
Некомпетентный ответ как по мне, конечно я понимаю джин ду бохш дукх пал кегбо цхьац болчар, но бывает такое состояние когда разум выключается порой. Прощение будет ли такому человеку это знает только Аллах