Жималлехь и дешнаш тидаме ца лоцура ас...
Амма тахана, дахарехь халачу киртигехь нисвелча, цу дешнийн кlорггера маьlна сайн доьвзича, хиира суна, ша бечу некъа тlехь адамаш цхьа лар йитича, билггала дагца бен хаалура доций бохург хlун ду: "бlаьрг бузар; бlаьрг бадар".
Цхьа минот тоьуш хилла адамах бlаьрг буза, цо бинчу хазачу харжамца, Аллахlан гергахь сийлахь вечу,
иштта цхьа минот а тоьуш хилла адамах бlаьрг бада, цо динчу хlуманийн бараме хьаьжжина.
Бlаьрг бузар хьуна цадоьвзучу адмаца а нислуш ду, дагахь доцучу кепара, хьоьца "некъ битина" а хаза гlиллакх лелийча.
Амма хьан бlаьрг бадар нислуш дац хьуна, цхьана хенан чохь хьан цу адамах дика ойла хиллий бен.
Хьуна адам дукха мел деза а, хьан дог далар (разочарование) алсам хуьлу...
Хlунда аьлча хьан дагчохь цхьа йоккха меттиг лоцу дукхадезачу адамо;
цун дуьхьа хьайн са а дlалур долуш, даггара нийатца лелийначу юкъаметтиган йамартлонца хьайн цо бекхам бича, хьо ма хиллара хьайца нах а даиманна хир боцийла хаа деза хьуна...
Адамийн дегнийн мекхала гучуйаларо ма вуьгийла хьо гlайгlане, Аллахlа хьуна дина совгlат хила тарло хьуна иза, шен хенна, кхин а цхьа чlогlа хало тlейалале хьуна хьайн уллехь берш бовзар...
Хьайн дикалла Аллахlан дуьхьа дlакхехьа, ткъа уллернаш бовзар Аллахlа хьун делла ниlмат дуйла диц ма де...
Нехан тешам бевза а бевзуш хазачу гlиллакхца чекхвала хьо.
Аллахlан гергахь дерг коьрта ду хьуна массо хlуманал а...
Хьо хилалахь даиманна хьайх бlаьрг бузуьйтуш...
Нехан дегнаш чохь хаза лар йуьтур йу ахь хьо велчи а...
Ма хаза яз йина ….