Делан Элчано ﷺ аьлла:
«Суна хуург шу хууш далхьарий, ма кIеззига доьлур дара шу, ма дуккха а доьлхур дара шу». Бухарийса дийцна.
Хьафиз ибн Хьажаро аьлла:
«Элчан хууш дерга хIун ду аьлча, иза АллахIан сийлалла ю, Шен Iеса хилчуьнгар Цо оьцур йолу чIира йу, са оьцучу хенахь а, лечу хенахь а хира йолу халонаш йу, каш чохь а, къемат дийнахь а хир дерга ду. Иштта хьолехь хloкху билгал йолу меттигаца дохаш дерга дуккха велхар а, кIеззига велар а ду, иштта хIокха хьадисехь луаш дерга кхерам тасар ду». Фатхьуль Бари 11/319.