
Гуьйренан гӏайгӏане суьйренаш, Бераллийна сан дагалецамаш... Дагчура ца йолу цкъа а сан. Бабица яьккхина мерза хан. Буьйсанна наб тейан туьйранаш,ӏуьйранна деттина хьокхамаш, И дерриг ойланехь дисна сан, Дӏайахна исбаьхьа хаза хан... Комаьрша куьг соьга кховдийна, Ирсечу бералле йигина. Дуьненан чордаллех со лар еш, Кхиийна,гӏиллакхе ӏамайеш. Хӏинца-м со хьоьгуш ю цу хенах, Хьо гаре са туьйсу ас,гӏенах. Мелачу бӏаьрхишца доьху ас:"Къинтӏера йалалахь,йинехь вас." Хьо дара сан коьрта масалла, Со дара хьан доккха дозалла. Хьо йоцуш тахана со йисси, И дерриг сан ойланехь дисси.
Тоже возьму❤️🩹