Альхьамду лиЛляхl со кхолларна,
альхьамду лиЛляхl со бусулба кхолларна,
альхьамду лиЛляхl уггаре сийлахь долучу умматах со кхолларна,
альхьамду лиЛляхl со адам кхолларна,
альхьамду лиЛляхl со дикачу къомах кхолларна,
альхьамду лиЛляхl со дикачу нахах кхолларна,
альхьамду лиЛляхl суна дика да-нана даларна,
альхьамду лиЛляхl суна дика йиша, ваша даларна,
альхьамду лиЛляхl суна дика доьзал баларна,
альхьамду лиЛляхl со могуш-маьрша кхолларна,
альхьамду лиЛляхl Ахь суна хьекъал даларна,
альхьамду лиЛляхl Хьо хестош, Хьо вуьйцуш ладегlа суна лерга-хазар даларна,
альхьамду лиЛляхl суна бlаьрса даларна, Хьо вовзар лаха, Хьуна гергавар лаха суна цуьнца некъ а белла,
альхьамду лиЛляхl, Хьо вийца, хьо хеставан суна багахь мотт Ахь баларна,
альхьамду лиЛляхl суна куьйгаш, когаш, массо дегlан меженаш яларна,
альхьамду лиЛляхl суна даа, мала латтош, тlе а, кога а духуш, массо хlумангахь сан lалашонаш, сан хьаштонаш кхочуш еш Ахь со лелаварна, сан доlана жоп луш, сан аьтто беш, зенах-зуламех со ларвеш.
Альхьамду лиЛляхl, ма дика Ву-кх Хьо, ма къинхетаме, ма комаьрша Ву-кх Хьо, сан Дела.