мила висира хьоьца?
АллахӀ Висира.
хьоьга бала беъча, хьуна карош вег, хьан гӀийлачу тийжаре ладоьгӀуш, хьан дог оьцуш вег мила ву?
АллахӀ Ву.
хало тӀе Ӏотта йелчи, хьун гӀо даьш вег мила ву?
АллахӀ Ву.
ткъа И тоаме Вац хьун, хӀай гӀийла лай!?
Адам жимма шена цатовш хlума хьоьгара даьлча, хьуна букъ тоха сиха ду, шуна юккъехь мел чӀогӀа зlе (общении) хилехь а. Ткъа АллахI хьоьгара Ша рез воцуш мел дуккха хlуманаш дийларх, хьуна букъ тухуш Вац, И хьоьжуш Ву-кх хьо Шега юх ваьрзаре, ткъа мила хоржу ахьа? Букъ тухуш берш? Ян даиман хьайца Верг? Харжам хьоьгахь бу-кх!! 🤌🏻
Веза а, Сийлахь волчу Дала Давуд Пайхамаре (IалайхIи саллям) аьлла: ХIай Давуд! Суна букъ тоьхначарна хаа хьари, Со уьш юха берзаре мел чIогIа хьоьжу а, Сан царех къахетар моццула ду а, цара къинош дитаре Аса мел сатуьйсу а, Соьга шовкъе хилла лийра ма бара уьш, Со дукха везна церан хIуттаргаш дIас етIар ма яра. ХIай Давуд! ХIара бу хьуна Сан лаам Суна букъ тоьхнаболучеран хьокъехь берг, тIаккха муха хира бу Сан лаам Суна тIебирзина болучеран хьокъехь берг.
Кхин вайна хlун оьшу?
Оцула Къинхетаме Дела вай хилча?
Давуд Пайхамаре (lаллейхlи саллям) АллахIа дина къамел ца го хьуна?! Ойла е!