Хьо АллахӀ волу дела - кхерам ма бац, сагаттадар ма дац,
Малхбузар ма дац, буьйса а ма йац, суьйранан цӀелла а ма йац.¹
Хьо АллахӀ волу дела - сан дог дуьззина сатийсам бу.
Хьо АллахӀ волу дела - сан са серладаьлла, лепаш ду.
🤍〰️〰️〰️〰️〰️〰️〰️〰️〰️🤍
¹Малхбузар, буьйса, суьйре тӀе яр - уьш сингаттаме хьелаш ду. Малх схьакхетар, серлайалар, Ӏуьйре - уьш самукъане белхаш ду. Хьелаш сингаттамечу агӀор хийцадалар ша сагаттадеш вац, шен кхерам бац, хӀунда аьлча, Хьо АллахӀ волу дела, соьга хьожуш Хьо волу дела, сан Ӏуналла деш Хьо волу дел, хьелаш муьлха агӀор хийцаделча а саготта вац со.