Хъекъал дерг мила ву аьлча, эрна къамелаш дар меттана, шех бала пайда боцуче вагӏар меттана, шен динна довзар дуьхьа, пайден дерг йоьшуш, пайден долчунг ладугӏуш, пайден дерг дуьйцу шен хан йайънарг ву!
Йа вуьшта аьлча, и хан йайъан ца хуьлу цо, и ханна дика ӏамалш йеш йаьккхан хуьлу цо, и цуна Далла дуьхьал хӏоьттича цуна гойтар а ю, цуьнан диканаш дузош мийзан терзантӏехь!
( эрна хан йайъар* кхузахь ойла йе, аса хьарам ца элар, аса эрна элар, хьарам дерг дитарам, хьуна тӏехь дай, цигахьам хьан харжам беш валла а ца оьший )