Почему Аллах не ответил на мои молитвы о замужестве?

Цхьа лай Аллахlа хаьржина, сан гlуллакх шен карахь нис дина, цуьнга деха воллура со, кlеда, хаза, доллу хьал дийцина соьх кхетар вацар хьо аьлла. Муха ала те бохуш ойла ешшехь, Аллахlа Шега хlунда ца доьху аьлла дага тесира. Ма хаза…

Баккъалла, хlунда ца доьхура Цуьнга? Сан хьашташ хьа кхочуш дийр дара Аллахlа пурба ца делча? Цхьанна адмехь Аллахla беллачул бен ницкъ, гlора ма дацара. Аллахlа нис дахь бен цо нис дийр ма дацара. Сан хьолах и гlийла лай кхетара ма вацара. Йа цуьн дерриг доьвзаш а дацара. Ткъа Аллахl вацара сан хlора къайле, сатийсам, гlийлалла йоьвзаш?! Цо делларг бен хlун дара?!

Доьхийла ахьа дуккха, нийса, деха дезачуьнга. Са туьсийла ахьа, сатийсамаш кхочуш бан ницкъ Болчуьнга верзарца.

18.09.2025
3

Комментариев ещё никто не написал.