Шайх бераш ламазна самадохий аша? Религиозный совет

🔴🔴🔴🔴🔴🔴🔴🔴🔴🔴🔴🔴

Шайн бераш ламазна самадохий аша?

Цхьана зудчо жоп дезаш хаьттина: "ХIай Шайх! Сан бераш чIогIа наб кхеташ ду, уьш ламазна сама ца дахалуш кIелайисина-кх со, къаьсттина Iуьйра ламазна".

Шайха аьлла: "Кондиционер яга а яьгна цунах цIе яьлча хIун дийр дара ахьа?".

Зудчо аьлла: "Сихонца самадохур дара-кх уьш".

Шайха аьлла: "ЧIоггIа наб кхетта хир ма ду уьш!"

Зудчо аьлла: "АллахIора, вортанаш тIера лоьцуш даьхна а самадохур ма дара ас уьш".

ТIаккха Шайха аьлла: "Дуьненан цIарах уьш кIелхьарадаха айхьа и дийриг хилча, эхартара цIарах кIелхьарадаха а де изза".

18.09.2025

Комментариев ещё никто не написал.