Хьайн дикалла ма яйъалахь гондхьа дерг хийцадаларх... Хьуна ца моьттучу кепара хийцало хьуна нехан дегнаш. Ахь мел динарг дойъу наха, шайн хетарш хьалха а дохий, жимма а нийса шаьш ца кхетахь... Эзар диканаш юккъехь цхьа хlума вониг лаха атта хуьлу царна. Хьан дикаллах куралла а йан мега "кийрахь цхьаъ доцуш хир вацар иза-м" олий... Ткъа Аллахlан дуьхьа ахь бечу некъа тlехь хьуна новкъ ма дац дуьненан хабарш. И реза хилар ца тоьу хьуна? Хьуна адамийн матто дан зен дац хьуна, нагахь хьо бакъ велахь. Аллахlан дуьхьа хила дика, Аллахlа йуьхь лар йийр йу хьан массо зенах...