Даггара хьоьх кхетар волуш,даггара хьоьга ладуг1ар долуш,эшахь хьоьцини воьлхар волуш - адме хьашт хилли хьо цкъа? Дера хилла,суна хаа хиллий.Х1ора а ву-кх вайх Аллах1а зуьйш,массо а шен кепар зуьйш ву..уггаре хала дерг т1ехула гуш чов йоцуш - кийра лазар, кийра 1ийжар,дог делхар а ду-кх.Бала Аллах1е белхо беза, делахь адам хьашт ду-кх шега кхетар долчу адме,шена и Аллах1 дага воийтар волчунга,шега «Парг1ато герга ю хьуна, дог ма диллалахь»,- эра долчунга.Эрна олуш ма дац «Адамаш - адмашна ду».«Нах - нахана бу»..маь1на доккха ду,амма цунах кхеташ к1еззиг бу.((