Как избавиться от обидных слов и простить друга - реальная история

Шина доттагIчун дов даьлла. Цхьаъ шен доттагIчух лаьцна вон хIуманаш дийца волавелла шена мел бевзачаьрга. Амма жимма хан яьлча, метта а веана, ша нийса цахиларх кхетта и. ДоттагI къинтIераваккха веана и.

ТIаккха вукхо аьлла:

– Дика ду. Ас хьуна гечдо. Амма сан цхьа биллам хир бу.

– Муьлха?

– ГIайба схьа а эций, батIа а бай, цу чуьра месаш мохе дIасаяхьийта.

Гечдар деха веанчо дина шега аьлларг. ГIайба батIийна цо. Мохо юьрт ма-йу дIасайаржийна месаш.

ГIадвахана аьлла цо доттагIчуьнга:

– Хьан тIедиллар кхочушди ас. Гечдин ахь суна?

– Гечди, нагахь ахь месаш йуха гIайби чугулйахь...

Уьш йуха схьагулйан ницкъ кхочур боций хууш ма ду. Иштта ду-кх юьрт ма-йу даьржина вон дешнаш тIегулдан гIортар а.

12.09.2025
61

Комментариев ещё никто не написал.