Malika
mika_1995
Malika·Мама четверых детей

х1ай Аллах1ан лай, муьлха х1умангахь хьан Эла Волчу Аллах1ана товжа хьо, Цуьнца дика ойла хилийта ахь хьайн - сатийсамаш эрна хир бац хьан. Аллах1 Шен т1е болх буьллуш волчунна сатийсамаш даиманна кхочуш хуьлитар бу, даиманна парг1ат хира ву хьо, х1унда аьлча хьуна хаьа - муьлхха долу хьал хьоьга х1оттош верг Аллах1 вуй, Шен луучу аг1ора хьан хьал хуьйцаш Иза вуй. Хьуна вон чаккхе йу моьттуш дерг хила тарло хьуна дика долуш, ткъа ахь дика ду моьттуш цхьана х1уманга сатийсахь хила тарло иза хьуна зене долуш…

10.09.2025

Комментариев ещё никто не написал.