Mom.life
Malika
mika_1995
Malika
Ма атта ду-кх Аллахlаца дерг. Цкъа а хьо дlа ца тотту Цо, хьо юхьlаьржа ца хоттаво, хьо виц ца во, цкъа а цхьанна а везар воцучу кепара хьо дукха веза Цунна.

Хьажахьа, хьоьгара хlумма а ца оьшу-кх Цунна, мухле а хьуна схьалуш ду-кх Цо шадерг. Цунна хьоьх хуьлуш цхьа а зе а дац, йа цхьа а пайда бац, амма хьо, ван а вац-кх, хьоьца И ца хилча. Цо пурб ца делча хьан дог а дац туохадала ницкъ кхочуш, кхин дlадерг ца дийцича а.

Хьо Шех мел чlогlа генаваларах, юкъа мел дукха хан яларах, хьо юхавеъча тlелоцу-кх Цо. Бен дlа дац ахь, ахь хlуа лелийнехь а, дохковаьлла хьо Шега вирзича, хьуна гечдо. Тlех ца даьтта, хьеха а ца до. Дlадаьлла и.

Хьажахьа, хьо Цунна муьтlахь хилча, хьуна дика ду, Цунна хуьлуш цхьа а пайда. Ахь Цунна букъ берзийча хьуна и зене ду, Цуьнан галдолуш хlумма а дац. Амма Аллахlана хьо Шена муьтlахь хилита лаьа. Хlунда лаьа? Хьо Шена дукхавеза дела, дукхавахарг. Хьуна дика лууш…
25.05.2025
141

Лучший комментарий

Комментарии

prekrasnaya95
prekrasnaya95
❤️‍🩹
25.05.2025 Нравится Ответить
Читайте также