удалилась
kakktuss
удалилась·Мама двоих (3 года, 5 лет)

Как правильно читать духа-намаз? Время и достоинства

ДУХЬÁ ЛАМАЗ

Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

– Довзийтар: духьа ламаз – иза малх хьалабаьллачул тIаьхьа делкъа

хан кхаччалц йолчу юкъахь деш долу суннат ламаз ду. Вайн наха

цхьаболчара «зухьа» а, «зуьхьа-ламаз» а олу цунах.

– Хьукм: духьа ламаз чIагIдина суннат ду, дар вуно чIогIа деза

долуш.

– Дозалла: адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу

сагIа кхочуш хуьлу духьа ши ракаIат ламаз дарца. Духьа диъ ракаIат

динчунна, АллахIа цу денна Ша массо а хIуманна кхачам бийр бу

аьлла. Цуьнан дозалла дуьйцуш кхий а дуккха хьадисаш даьхкина.

– Хан: Iуьйранна малх схьакхеттачул тIаьхьа 10-15 минот яьлча

дуьйна, делкъа хан хила пхи минот гергга йиссалц. Ткъа цуьнан

уггар еза хан – де диъ де́къе декъча, доьххьара доьалгIа дакъа дIа а

даьлла, шолгIа доьалгIа дакъа доладелча ю. (Де – Iуьйра-ламазана а,

маьркIаж-ламазана а юкъахь йолу хан ю)

– РакаIаташ: лаххара барам ши ракаIат бу, лакхара барам бархI

ракаIат бу, хIора ши ракаIат дIадаьлча салам а луш. Луучо ши ракаIат

дан а мегаш ду, диъ дан а мегаш ду, ялх дан а мегаш, ткъа уггар

Из дезаниг бархI ракаIат дар ду.

– Куц: духьа ламаз кхидолу ламазаш санна деш ду. Шина ракаIатал

сов дечо хIора шина ракаIатехь салам а луш. Духьа ламаз ша цхьам

дар суннат ду, жамаIатца дар суннат дац.

– Некъахь волуш дар: духьа ламаз некъахь волчо а дича дика ду.

– Доькхуш дар: духьа ламаз ца деш диссинехь, иза муьлхха хенахь а

доькхуш дар дика ду.

«Ал-МаджмýI» Имам Ан-Нававий: 4/35-40, «НихIайатул-Мухьтáдж» Имам Ар-Рамлий: 2/116-118,

«Шархьул-Махьаллий Iалал-МинхIáдж» Имам Ал-Махьаллий: 1-229-230, «Тухьфатул-Мухьтáдж» Имам

Ал-ХIайтамий: 2/231-233, «МугIнил-Мухьтáдж», Имам Аш-Ширбúний: 1/455…

Кхузахь хаа деза, духьа ламазан цхьадолчу хIуманаш тIехь Iелам-нахана юкъахь –

мазхIабашкахь – цхьацца хилпалонаш юйла, кхидолчу Iибадаташкахь санна. И

хилпалонаш хиларан бахьанаш дукха ду, ткъа вайна коьрта хаа дезарг хIун ду: хIора

мазхIабан дайша олуш дерг а, деш дерг а пайхамаран ﷺ суннат дезаш, олуш а, деш а

хилла, хIораммо а шен-шен иджтихIáде хьаьжжина.

24.04.2025
12

Комментариев ещё никто не написал.