ДУА ИСТИХАРА❗️
«Алло́хIумма инни́ астахи́рука биIилмик, ва астакъдирука
бикъудротик, ва асъалука мин фадликал-Iазы ́ м, фаиннака такъдиру
ва ла́ акъдир, ва таIламу ва ла́ аIлам, ва анта Iалла́мул-гIуйу́б.
Алло́хIумма ин кунта таIламу анна хIа́зал-амро (кхузахь хьай долу
гIуллакхан цIе йоккхур ю) хойрун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIа́ши ва
Iа́къибати амри́, факъдурхIу ли́, ва йассирхIу ли́, сумма ба́рик ли́ фи́хI. Ва ин кунта таIламу анна хIа́зал-амро (кхузахь юха а хьай долу
гIуллакхан цIе йоккхур ю) шаррун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIа́ши́ ва
Iа́къибати амри́, фасрифхIу Iанни́, васрифни́ IанхIу, вакъдур
лийалхайра хьайсу ка́на, сумма ардини́ бихI».
МаьIан: «Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца
суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха
къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со
ницкъ кхочуш вац; Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш
верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь дерг, хIара сан гIуллакх
(кхузахь хьай долу гIуллакхан цIе йоккху, масала цхьанхьа ваха
араволуш деш ву хьо, тIаккха ахь олу: «со новкъавалар йа со оцу
метте вахар суна дика делахь» тIаккха кхидIа доIа дIадоьшу) суна сан
динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эр ду: герга
йолчу хенахь а, генарчу хенахь) – дика хирг хилар делахь, суна
ницкъ ло Ахь цу гIуллакхана, суна иза атта а де Ахь, йуха суна цунах
беркат а де Ахь. Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь дерг, хIара
гIуллакх (кхузахь юха а хьай долу гIуллакхан цIе а яьккхина кхидIа
дIадоьшу) суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон
хирг хилар делахь, суна гена даккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а
верзаве Ахь, цулла диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь
делахь а, йуха со цунна реза а ве Ахь».