Со бехке... Бехк сан...
"Кхолланца велира Дала..."
Ала йиш юй-те,
Аьлчи къа дуй-те?!
Со бехке... Бехк сан...
Нана, хьан елхаран бахьна а со,
Дада, хьан коьрта бала а со.
Со вацахьари ма хаза хир дара,
Со вацахьари-м шу ирсе хир дара...
Кхи вовшех доьзна х1ума а доцуш,
Вовшашца цуьрриг кхин бала а боцуш,
Вовшеха къастарца балеха даьлла....
Ткъа тахна-м со шуна бале ваьлла.
Нана, хьо ма елха, соьга са туьйсуш,
Со хьайха ваккхарна наь1алт а бохуш...
Дада, ахь ма бе бехк нена, со везарна,
Ненан дог даимна бераца ду...
Дахар цхьана ца деъна вовшеха къаьстичаъ
Дерриге тайнаш д1ахедо йиш яцарна,
Вовшеха къаьстичаъ кхин ирс ца хиларна,
Бехке шу ма дац, ишта нисдаларна.
Со ма ву бехкениг, дуьненахь хиларна...
Со бехке ву... Бехк а сан бу...
Йа Аллах1, сан г1алат суна гечделахь,
Сан да а, нана а ахь ирсе делахь.