Набахтера кехат
Буьйсанна наб йайна
Синтем а боцуш
Набахтаьхь маьнганаш
Андий а долуш
Сингаттамо г1аттийна
Къолам схьа эцна
К1айчу кехата т1е
Йаз дира ас: «Нана».
Лаьтта со г1ийла
Цу йозане хьоьжуш
Б1аьр дуьхьал хьан нуьре
Юьхь сибат туьйсуш
Хир ма бац мотт к1еда
Цхьанне а к1антана
Бацахь мотт хьомечу
Ше Нанас биллина.
Доьху хьоьга
Къинт1ера йалалахь Нана
Вахарна сингаттам
Буьтуш хьан дагна.