Mom.life
Мой дневник 🌸
moy_dnevnik
Мой дневник 🌸
post image
Аллах1умма Роббана áтина фиддунья хьасанатан
Ва филь áхироти хьасанатан ва къина 1азабаннар.

Хастам букх Хьуна, йа Аллах1, ахь мел динчу диканашна
Хастам букх хьуна кхачо йоцуш.

Йа Робби, йа Аллах1
Хьан Возалли, Сийлалли,Комаьршалли доьхь доьху ас хьоьга
Сан къиношна геч дехьа, сан диканаш алсам дахахьа
Хьо везарехь, Хьоьх кхерарехь,Хьуна 1амал ярехь сов йаккхахьа со
Иман лохьа, иманца собар лохьа

Тешнабехках, ямартлонах, юьхь1аьржонах, х1уьттаренан, гамонах, хьаг1ах, уьнах,зиэнах,зулмах, джинни х1ух, шайт1ан балех, даккхийчу лазарах лар дехьа йа Аллах1, со а, сан доьзал а, х1усамда, йижарий, вежарий, дехой,ненахой, марзахой, со езарш а,суна безарш а, массо муъмин нах а.

Воьдучунна некъ дика бехьа
1аш волчуьна 1адика ехьа
Цомгушчунна маршалла дехьа
Малхбалехьара, малхбузехьа кхаччалц Хьо цхьаъ веш, хьан Элча бакъ веш хилла болчу,Хьайна доьхьал баьхкинчарна а, царна т1аьхьа т1е дог1ар долчу тхуна а геч дехьа.

Йа Робб, вовший дезар лохьа, вовшех дашар лохьа,дог ойла ц1ан ехьа, ч1аг1 ехьа
Хьан нийсачу новкъа т1ехь нисдехьа
Нийса боцчу некъах д1а хер дехьа

Йа ар-Раззакъ, рицкъ луш Верг, доьху Хьоьга
Хьанал рицкъ даккхар атта дехьа, хьарамдолчух лардехьа
Бусалба нахан пайдехь ехьа со.

Хьо вицвеш дика а, вуо а ма лохьа Йа Аллах1.

Йа Робб, ас доьху Хьоьга
Сан 1есалле ца хьожуш, г1ийлалле хьажий
Хьан г1ийла миска лай юкх со,хьан г1ийла буо дукх со, ас доьху Хьоьга
Доьзалца а, сайна безачаьрца а ма зиехьа со.
Сайн доьзали а, сайна безачеран а вуо ма гайтахьа суна йа Аллах1

Йа Робб
Хьоьга кхойкхуш, до1анаш деш доьхуш болчу Хьан г1ийла лайшна, цара доьхург лохьа
Доьзалхочуьнга са тессан болчу наношка кхаъ баккхахьа йа Робб
Лазаро лаьцна болчу дархошна г1оле ехьа йа Робб
Набахтехь болу сан бусалба йижарий, вежарий цу балех хьалха бахахь йа Робб

Зуламхошна бекхам бехьа
Церан дагчу кхерам тассахьа
Хьо вуйла хаийтахьа
Хьайн 1азаб доссадехьа царна т1е йа Робб

Окх Рамадан езчу буьйсанашкахь хьайга кхойкхуш болчу Хьан лайша доьхург лохьа йа Робб
Ницкъ болуш вукх хьо йа Аллах1
Къинхетаме ву кх хьо, йа Ар-Рохьман, йа Ар-Рохьийм
Хьайн къинхетам боссабехьа тхуна т1е

Суна деха ца хаарх, дала хууш вукх хьо Йа Робб
Сан до1ийна жоп лохьа
Хьайн къинхетамах ма дахахьа тхо.

Иманехь са далар лохьа
Эхарт декъал дехьа.

Кхачо йоцуш хастам букх Хьуна
Альхьамду-Лиллях1и Роббиль 1аламийн.

Йа мукъоллибаль къулюби, саббит къольби 1аля диник.
Х1ай дегнаш хуьйцуш верг
Сан дог Хьайн дин т1ехь ч1аг1 дехьа.

Ля илях1а илла анта
Субхьанака инни кунту миназ-золимийн.

Аллах1умма амин. Скопировала, Дал саг1 дойла хьа дуа🩷
24.03.2025
81

Лучший комментарий

Комментарии

abg_
abg_
Аллах1а саг1а дойла🥺
24.03.2025 Нравится Ответить
makkenzi
makkenzi
Амин йа Аллах1
24.03.2025 Нравится Ответить
makkenzi
makkenzi
Я тоже себе скопировала🫶
24.03.2025 Нравится Ответить
Читайте также