Йа Хьами'д, Ахь мел деш долу х1уман, Ахь мел олучу дешнашна Хьайн Хастамберг Ву Хьо. Йа Аллах1, жоп ло Ахь тха до1нашна, геч де Ахь тха къиношна. Ц1ена Ву Хьо, х1ай аль-Къудду‘с, массо эшаме долу х1уманах Ц1ена Ву Хьо! Ларде Ахь тхо ширках, шеконех, нифакъах, рияах а.
Цхьаъ Ву Хьо! Тхан 1амалш дика хилийтахь Ахь, уьш ц1ен Хьа дуьхьа йина хилийта Ахь.
Йа Аллах1 кхоччуш долу Ийман доьху оха Хьоьга.
Бакъ йолу йакъи‘н йоьху оха Хьоьга.
Ц1ена долу Тавхьид доьху оха Хьоьга.
Хьоьца дика ойла йолчарех де Ахь тхо, х1ай тхан Эла. Х1ай массо х1ума Хезашверг, х1ай массо х1ума Гушверг, дикнехь Хьуна шукр дечарех де Ахь тхо, массо а хьолехь Хьо хьехочарех де Ахь тхо
Х1ай тхо Лардешверг, ларде-хьа тхан Ислам, тхо д1ахиттина долуш, ларде-хьа тхан Ислам тха охьахийжина долуш, ларде-хьа тхан Ислам тхо д1адийшина долуш, ма белабе Ахь тхоьх мостаг1ий а, хьаг1ъерш а.
Х1ай кийрахьдерг Гушверг, тхайн дукха зуламш дина оха, Ахь геч ца дахь тхуна, Ахь къинхетам ца бахь тхоьх, тхо хира ду-кх эшам хилчарех.
Х1ай Гечдешверг, геч де Ахь белчу бусулба нахан, цера даржаш сов даха Ахь Ялсманчохь, каш шор де Ахь царна, нуьре хилийта Ахь цера кешнаш, царна т1ехь дахча тхоьх а къинхетам белахь, х1ай Дикниг!
Х1ай Хуушверг, тхуна 1ама де-хьа тхуна пайднедерг, Айхьа тхуна 1амийначуьнца пайда а ло-хьа тхуна.
1ильмангахь сов даха Ахь тхо.
Хьо Ву Дуьххьарлерниг, Хьоьл хьалхара х1ума дац, Хьо Ву т1аьххьарлерниг, Хьоьл т1аьхьа х1умма дац, даим хира Волуш Хьо бе Вац!
Тхо хьехадар тахна а, тхо д1адевлчи а хазачу дашца бе ма хилийта Ахь.
Беркате, дика т1аьхье ло Ахь тхуна, йа Аллах1.
Йа Хьали‘м, лара ло тхо Хьоьца, Хьан ни1маташ д1адаларах, Ахь елла маьршо-могшалла хийца йаларх а, ц1аьххьан Хьан оьхазлоно лацарах а, масса а Хьо оьхаз Вохуьйту бахьанех а.
Йа 1ази‘зу, йа Каби‘ру, йа Мута1а‘ль, бусулба неха хьолаш туо де Ахь массо меттехь, барт бе ахь царна юкъахь, бакъон т1ехь цхьана тоха Ахь уьш. Цера латтанаш синтеман, ни1матан латтанаш хилийта Ахь, кхерам д1а баккха Ахь.
Йа Роббаль 1аламийна, Филаст1ынехь тхай хьийзош болу вежрий хьалха баха Ахь, цера цонгашчунна маршал де Ахь, велчунна геч де Ахь, къинхетам бе Ахь, д1аъайба Ахь царна т1ера бала.
Цера мостаг1ашна т1ехь Хьай ницкъ гайта Ахь тхуна, х1аллак бе Ахь уьш йа Аллах1, бусулба неха б1аьргаш буза Ахь царна 1азабдаларца.
Йа Аллах1, декхарболчера декхарш д1ало Ахь, йа Роббана, рицкъ ло Ахь царна, царна моьттучукепара а, ца моьттучукепара а. Бусулба нахан хьанал рицкъ ло Ахь, йа Г1онийй.
Массо дика доьха оха Хьоьга, йа Аллах1, массо вочух ларло тхо Хьоьца.
Йа Аллах1, сов даха Ахь Хьай ни1маташ, лерам бе-хьа тхуна, сийсаз ма де-хьа тхо.
Хьан ерриге хазчу Ц1ерашца, массо а Сийлахь Сыфаташца доьху оха Хьоьга, тхан са далар атта де Ахь, Къемат Ден халонаш атта е Ахь тхуна, Жоьжахит1ах лар де Ахь тхо, хьесап доцуш Фирдавс Ялсмане чу дахийта Ахь тхо. Хьай Сийлахь, Хаза ЮЬХЬ т1е хьажа пурб ло Ахь тхуна, Йа Аллах1