Аллах1 Дела, сан дагчохь нур де, со тиларх ларвийра волу, хазарехь, б1аьрсаца нур де, маттахь г1о дийра долу, го баьккхина со ларвийра волу, меженаш нуьре е
اللَّهُمَّ اجْعَلْ في قَلْبِي نُورًا، وفي سَمْعِي نُورًا، وفي بَصَرِي نُورًا، وفي لِساني نورًا ، وَعَنْ يَمِينِي نُورًا، وَعَنْ شِمَالِي نُورًا، وَأَمَامِي نُورًا، وَخَلْفِي نُورًا، وَفَوْقِي نُورًا، وَتَحْتي نُورًا، وَاجْعَلْ لي نُورًا
Аллах1 Дела, сан дагчохь нур де, шеца со тиларх ларвийра волу,
сан хазарехь нур де, Хьайн муьтахь хиларехь сун г1о дийра долу,
сан б1арсица нур де, б1аьрса ларда сун г1о хир долу,
сан матта т1ехь нур де, Хьо хьеха варехь сун г1о хир долу,
го баьккхина нур де сун, шеца массо вочух со ларвийра волу,
сан массо меже нуьре е, дуьненахь а, эхартахь а со нуьре хир волуш…