`ТЕРГО Е` Мархийн бутт бола баларан бакъонаш:
`ТЕРГО Е`
Мархийн бутт бола баларан бакъонаш:
Шаlбан бетта 29 - гlа дийнахь сарахь билгал дала деза, марха лацар, цу сарахь бетта са гарца, нагахь санна цу сарахь бутт гар билгал далахь, пятницехь 28.02.2025 суьйранна терахь дина субботехь марха хир ду вайн, ин ша Аллахl.
Амма цу буса бутт гина хилар билгал ца далахь, тlаккха 30 - де дузийта дезаш хуьла шаlбан бетта, тlаккха субботехь буса терахь дина воскресенехь 02.03.2025 марха хир долш.
Цундела вай пятницехь сарахь ладоьгlна хир ду, цу буса вай терахь до, я ца до эр ду вай ин ша Аллахl кху чохь.
27 - Шаlбан 1446 шо
26 - Февраль 2025 шо