Пекъар мами йо1…🥹. Цхьа к1ир хан ю к1антан настар т1е фурункул йаьлла цуьнц оха бала хьоьга. Сийсар дуьйна д1аэх йола елла цуьн и. Са ц1ийндас тахан са марвешиг хьай накъостиг(дерматолог ву иза)хатта оц фурункулан х1у да деза аьлла хаттийтнера . Т1акх мар ваша и ц1къачун отпускехь ву балхахь воцш , шаьшшиъ цхьанне д1а вог1а хьун, на месте хьаьж лечени яз йо ша бох эли. Т1акх и шиъ схьавалле чайник кхехкош юъчун хьийзш яра со кухни чохь. Т1акх х1окхо йоьлхш 1аш яц х1ара аьлла жимниг йо1 схьаяла йо суна, уьш схьабахкле яа х1ума ло цун олий, и юза йина, сайн елхахь хазийта кухни чур диван спинкан йисте вахь йилнер ас и наб кхетта яра из уже. Х1абехки хьеший , х1окхо сразу дехьчу яла ша дутт чай эли, юург ас вахь йилнер уже, со ара ели цуо и ма аьл сразу. Юх цхьа хан йаьлчхен приходш йаьтш хезш букх сун, хьа йола йо1 д1а йига бохш баьтш мохь бу соьг марвашо. Оказывается чу веан шимма пеленки юккъе хьарчин 1уьлш йол са йо1 кукалк ду моьтш т1е шай курткш вахь ехкан хиллакх, важам ю шек йоцш наб еш 1аш, дик ду т1е ца хиъна Дела къинхетам))