1уьйре. Хьо жим ю, школе яхаз. Дадс хьал латин телевизор чур новостиши говг1 хези сам йол хьо.
Юрг1ан бухлар хьал ялч шийл ю, амма дехь чу ях лаьъ хьун, уггаре хьалх жимм Дадиц хан якх, цул т1ахь мультикшиг хьажаъ.
Арахь охьдиллин ло ду, мамс не1 д1а массуз йоьл шийл х1аваъ дох чу, дег1е зуз доийтуш. Жимма собар дич пеша чур ц1аро юхаъ йох йо хьо.
Мама бепиг доттуш ю. Цу хаз хьожано са мацдолуьйт. Сих-сиха маман т1е а йоьдуш хоьтт ахь:
«Мам, хьа ца даьлла и?»
Мамас олу: «Х1а-х1а, кхиъ жим собар да дез»
Новостиш чекх йовлш хенахь хуьлш йол прогноз погоды хьожшаъ хаз хет хьун.
Карти т1ехь «Грозный» дош лоьх ахь хьайн и мух яз дин ду дагахь 1амина дер. Эц ведущийчо даим «в Грозном -1 градус» йа «2 градуса» олш куьг д1акховдой гойтш дагахь латтийна ахь и. Цо «Грозный» массуз ола хьа самукъ дол, цул т1ехь хаттараъ кхолло ойлнашкахь:
«Алхан-Юртаъ х1унд ца ол те цо?» бохуш.
Ткъа и Дадиг хатт аьхь хет хьун. Хьан хаъ, Дадс дов дой?!
Дада диван т1ехь 1а. Хьо – лаьттахь. Дадийн улле хьал ял аьхь хетш.
Хьа ваш Шамханаъ хуьл хьоьцани юрг1 къуйсш.
Дадс велаъ лой: «–Х1а!»
оли шегар г1айбаъ, юрг1аъ охь кхус шуьшинн.
Новостиш д1айовл, «Том и джерри» мультик йолло. Цул т1аьхь «Чип и Дейл».
Мамс шуьшинги д1аъ кхайкхли бепиг хьа даьл хьожаъ кхети шуьшиъ уча дод.
Мама хуьл кепш чур бепиг охь дуьлш.
Цу хьожано дин чоь юз.
Хьа самукъдалар кхиъ сов доли мамин гондхьа хьиз хьо, и мар йолл аьхь хетш, цун б1аьргш чу хьажарам дуьйцараъ дац.
Ишт хаз денош д1аоьх, х1ор 1уьйранна прогноз погоды чур «Грозный» даше са туьйсш, Дади юрг1ан юккъе хьаьрчаш, мами довх бепиг дууш.
Иштта х1иццалц эхь хетш тхоъ хилла, мар кхета , хаз дош ала
Ишт шайш бераллехь шай дай-нанош хьоьстш ца лела даре терра, цабршин баш дац и х1умш
Цундела хир дукх тхоъ ишт🥲
Как я скучаю по тем временам, просто хочется рыдать. А потом вспоминаю про своего мальчика, и начинаю чувствовать себя эгоисткой ) Ведь теперь наша очередь создавать такое же теплое детство своему ребенку 🥹
Не поленилась все дочитать… перед глазами пробежало все детство , счастливое детство 😭 и в ужасе понимаешь, что ничего уже не вернуть 😭 дог 1ийждо хьан кхетаро , и хаз хенаш кхи ц1аа цахилар… Хьо йокх хилла, кхи ишт самукъне ц1аа хир яц аьл хет((валаре ойлнаш ю хинц коьрт чохь ерш..
Яхан хан, сай нан, сай дена ца ел марзо дагахь лаьтт сун
Бакъ дерг дийцч, тхо т1е ийзош, хьоьстш уьшшаъ бацар, т1ахькхаъ сагатло-кх цу хеншан.
💔💔💔