Mom.life
По Настроению
_isaeva
По Настроению
*ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ ХIУН ЛАМАЗ ДУ?*

*Жоп:*
ИЗА СУННАТ ЛАМАЗ ДУ ВАЙ СИЙ ДОЛУ ЭЛЬЧНО ДЕШ ХИЛЛА ДОЛУ (саллаллахIу IалайхIи ва саллама).
МУЬЛХХА А ХЬАЙНА ЦХЬА ХIУМА ДАН ДАГА ДЕАЧА И ХIУМА АЙХЬА ДАЛЕ, ИСТИХАРАТ ЛАМАЗ ДОЙ ТIАККХА ХЬУО ДАН ГIЕРТАШ ВОЛУ ХIУМА ДО АХЬ, НАГАХЬ И ХIУМА ХЬУНА ДИКА ДЕЛАХЬ, АЛЛАХIА ХЬАН И ЧЕКХДАЛИЙТА ХЬУНА ГIО ДО, НАГАХЬ ИШТТА ХЬУНА И ХIУМА ДИКА ДАЦАХЬ ХЬАН И ЧЕКХДАЛИЙТА АЛЛАХIА АЬТТО ЦА БОЛУЬЙТУ.

*Хаттар: Маца дан деза иза?*

*Жоп:*
МУЬЛХХА А ХЬАЙНА ЦХЬА ХIУМА ДАН ДАГАДЕАЧА *( масала: зудайалор, марейагIар, цхьанхьа ваха араволуш, деша воьдуш, балха хIуттуш иштта муьлхха хьайна гIолехь хIун ду ца хууш хилча) иза АЛЛАХIАЦА (лекха сийлахь ву иза) ДАГАВАЛАР ДУ.*

*Хаттар: Ният муха дан деза дIадоьхкуш?*

*Жоп :*
КХИДОЛУ МУЬЛХХА ЛАМАЗ САННА НИЯТ ДАГЧОХЬ ДИЙР ДУ ЦО, АММА ДАГАХЬ ИСТИХАРАТ ДЕШ ВУ АЬЛЛА АЛЛАХIУ АКБАР АЬЛЛА ДОЬХКУР ДУ ЦО.

*Хаттар: Муха дан деза иза?*

*Жоп:*
ИЗА КХИДОЛУ СУННАТ ЛАМАЗ САННА ШИ РАКАIАТ СУННАТ ЛАМАЗ ДУ (ши бисмилла цхьа аьттахь), ЦХЬА ХАН ЙОЦУШ МУЬЛХХAЧУ ХЕНАХЬ ДАН ЙИШ ЙОЛУШ.

*Хаттар: Оцу ламазан доIа дан дезий?*

*Жоп :*
Деза, доIа коьрт хIума ду цу истихарат ламазан.

*Хаттар: Муха дан деза доIа?*

*Жоп:*
ДОIА ША ЛАМАЗ ДИНА ВАЬЛЧАХЬ САЛАМ МА ДЕЛЛА ДАН ДЕЗАШ ДУ.

*Хаттар: И хIун доIа ду?*

*Жоп:*

"АллóхIумма инни́ астахи́рука биIилмик, ва астакъдирука бикъудратик, ва асъалука мин фадликал-Iази́м, фаиннака такъдиру ва лá акъдир, ва таIламу ва лá аIлам, ва анта Iаллáмул-гIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазал-амра(г1уллакхан ц1е йоккхур ю) хайрун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, факъдурхIу ли́, ва йассирхIу ли́, сумма бáрик ли́ фи́хIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзал-амра шаррун ли́ фи́ ди́ни́, ва маIáши́ ва Iáкъибати амри́, фасрифхIу Iанни́, васрифни́ IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардини́ бихI”.

‎اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْتَخِيرُكَ بِعِلْمِكَ، وَأَسْتَقْدِرُكَ بِقُدْرَتِكَ،

‎وَأَسْأَلُكَ مِنْ فَضْلِكَ الْعَظِيمِ، فَإِنَّكَ تَقْدِرُ وَلاَ أَقْدِرُ،

‎وَتَعْلَمُ وَلاَ أَعْلَمُ، وَأَنْتَ عَلاَّمُ الْغُيُوبِ، اللَّهُمَّ إِنْ كُنْتَ

‎تَعْلَمُ أَنَّ هَذَا الأَمْرَ (و يسمي حاجته) خَيْرٌ لِي فِي

‎دِينِي وَمَعَاشِي وَعَاقِبَةِ أَمْرِي فَاقْدُرْهُ لِي وَيَسِّرْهُ لِي

‎ثُمَّ بَارِكْ لِي فِيهِ، وَإِنْ كُنْتَ تَعْلَمُ أَنَّ هَذَا الأَمْرَ شَرٌّ لِي

‎فِي دِينِي وَمَعَاشِي وَعَاقِبَةِ أَمْرِي فَاصْرِفْهُ عَنِّي

‎وَاصْرِفْنِي عَنْهُ وَاقْدُرْ لِيَ الْخَيْرَ حَيْثُ كَانَ ثُمَّ أَرْضِنِيْ بِهِ .

«Йа АллахI! Со Хьоьгара доьхуш ву Ахь Хьайн Iилманца суна дика дар а, Хьайн ницкъаца Ахь ницкъ балар а. Ас Хьан боккха къинхетам боьху Хьоьга, бакъдолуш Хьо ницкъ болуш ву, ткъа со ницкъ кхочуш вац; Хьуна хаьа, суна ца хаьа, Хьо къайлах дерг хууш верг ву. Йа АллахI! Хьан Iилмангахь дерг, хIара сан гIуллакх

*( КХУЗАХЬ ХЬАЙ ДОЛЧУ ГIУЛЛАКХАН ЦIЕ ЙОККХУ,* Масала::: цхьанхьа ваха араволуш деш ву хьо, тIаккха ахь олу - со новкъ валар йа со оцу метте вахар дика делахь и.дI.кх. тIаккха кхин дIа доIа дIадоьшу)

Суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а (йа иштта эр ду: герга йолчу хенахь а, йа генарчу хенахь) – дика хирг хилар делахь, суна ницкъ ло Ахь цу гIуллакхана, суна иза атта а де Ахь, йуха суна цунах беркат а де Ахь.

Ткъа нагахь санна Хьан Iилмангахь дерг, хIара гIуллакх
*( ЙУХА А ОЦУ ХЬАЙН ГIУЛЛАКХАН ЦIЕ ЙОККХУР ЙУ ЛАКХАХЬ ВАЙ МА АЛЛАРА САННА, ЙУХА КХИН ДIA ДОЬШУР ДУ)*
Суна сан динехь а, сан дахарехь а, сан тIаьхьлонехь а вон хирг хилар, суна гена даккха Ахь иза, со цунна тIера дIа а верзаве Ахь, цулла диканиг дан ницкъ а ло Ахь суна, иза миччахь делахь а, йуха со цунна реза а ве Ахь.

*Хаттар: ХIара доIа Iаьрбойн маттахь дан дезий?*

*Жоп:*
ДЕЗА, НАГАХЬ ИЗА IАЬРБОЙН МОТТ ХУАШ ВЕЛАХЬ, АММА ХУУШ ВАЦАХЬ ШЕНА ХУУЧУ МАТТАХЬ ДАН МЕГАР ДУ.

*Хаттар: И шадеригге дина ваьлча, суна гIан ган деза хIара нийса ду аьлла, сихонца дагтосур ду суна?*

*Жоп:*
*ИШТТА ХИР ДАЦ! ХЬО И ШАДЕРИГГЕ ДИНА ВАЬЛЧА, ХЬО ДАН ГIЕРТАШ ХИЛЛА ДОЛУ ХIУМА ДАН ВОЬДУ ХЬО, НАГАХЬ ИЗА ХЬУН ДИКА ДЕЛАХЬ АЛЛАХIА ХЬАН АЬТТО БИЙР БУ, АММА ВОН ХИР ДЕЛАХЬ И ДИЧА, ДАЛА ХЬАН АЬТТО БИЙР БАЦ! ИШТТА АЛЛАХIЕРА ХИР ДУ ЦУЬНАН ЖОП .*
13.12.2024
51

Лучший комментарий

Комментариев ещё никто не написал.

Читайте также