Цхьана хенахь зуламан къизалло делхийна бӀаьргаш, тахана толаман хазахетаро делхош ду! БӀаьргара долу хи цхьаъ делахь а, и хи схьадолу дегнийн хьал ма бес-бесара ду-кх!
«Иштта керчадо Оха и денош нахана юккъехь» [Сурат: Али-Ӏимран, аят: 140]
АллахӀа делхадойла массо бусалбанан бӀаьргаш цу кепара!
АллахӀа йоуьйтийла сийсарлера буьйса массо бусалба махкахь!
«Гена яц хьуна и Ӏуьйре». [Сурат: ХӀуд, аят: 81]
ХӀора зуламхочунна хоийла, рогӀера Ӏуьйре шениг хила а мегий!