Мисрера дешархочун кехат: дог-ойла, кхетам, лелар а, lалашонаш а Аллахlан динна дуьхьа къахьегар
✍️ Мисрера дешархочун кехат*
Валлахlи, кхузахь бен ирсанна маьlна хиъна ма вац со. Уггара хьалха кlантах а, йоlах а къонах кхиадо Мисарс.
Хьан кхузахь хийцалуш йолу дог-ойла, хьан хийцалуш болу кхетам, хьан лелар, хьайн тlаьхь долу жоьпалла хьуна довзар, хьан lалашонах хилар
Аллахlан динна дуьхьа къахьегар.
*Йа Аллахl... кхузахь хилларг бен кхетара вац, ма чlогlа даган синтем букх Миср...*
Ткъа, хьан ерриге хан lилманан дlаелла хуьла, хьан цхьа а сагатдеш хlума дац, lилма доцург. Iилманан шовкъ кхечу кепара ю Мисрехь.
*Хlокхера дукх олуш кица:*
*مصر أم الدنيا*
*«Миср - дуьненан Нана»*
Нанас доьзалхо ма кхиаварра, кхиаво хьо Мисрас...