Мамлайф
Мамлайф
Приложение для мам
Заходи - не бойся , выходи - не плачь.

Охунех тера куьйгаш Нана: ялта даларна кхоьру

Охунех тера ю хьан куьйгийн берчаш,

хаддаза къахьоьгучуьра

цхьана мIаьргонна уьш севцича

хьан куьйгаш тIехь ялта дер дара-кх Нана

Суна гина,

ахь кана эцна долу бIаьстенан доь хIу

хьан куьйгийн хершнашкахь худалуш.

Б1аьрхишца дашош,

доIанашца дакъош

лелорна хир ду-кха хьан куьйгаш ишта.

Со кхоьру Нана,

хьан куьйгаш тIехь Iожаллин ялта даларна..